Хьалха заманахь куьйга хьовзош хилла жима хьер что это
Изложени » Хьаша ларар»
Урокан ц1е: Изложенина «Хьаша ларар» кечам бар.
Урокан тайпа: Дозуш долу къамел кхиор.
Х1оттош долчу хьесап (гайтамаш) 1алашонаш.
Кхеторан :адаман куц-кеп,бедар,цуьнан лелар гойтуш йолу дийцаран текстийн юьззина изложенеш язъян 1амор;
Кхиоран ::хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар.предложенеш грамматический нийса язъян 1амор.Текст шайн дешнашца схьайийца 1амор.Берийн ойла дешарна т1еерзор.
Кхетош-кхиоран :шен мате болу бакъ безам кхиор.
Маршала хаттар.белхан меттигаш кийча хилар таллар.
Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцаран г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду.
Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1 велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна, новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана.
Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а ваьлча, и кхузза юхахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме елахь, хьаша юьртах я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккхуш а хилла.
Хьешана тешнабехк бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш, т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилла.
(М. Ахмадов «Гулдина йозанаш-5»)
1. Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх.
2. Хьалха заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш.
3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла.
Материал для сочинения по чеченской литературе: «Творчество Магомеда Салаха Гадаева»
Гой хьуна, Даймохк, сан г1елбелла когаш?
Хьуна т1е некъ бина г1елбелла уьш…
Гадаев Мохьмад-Салахьан поэзехь лирически турпалхочун васт
…Хьенан дог деладац Хьеначу лаьтто- Хьоьжуш а, хьоьшуш а, Хьиэдеш а нохца, 1уьйренца ловзадеш, Суьйренца товжадеш, Эсала марг1ал цо Ластош а мохца?
Берахь б1аьрг биттина, Къоначохь хьешна, Къанвелча т1ехдезна Къонахойн латта! Хьенан дог детталац, Хьеречу наха Хьарам куьг кховдийча Хьаналниг датта?
Чурт санна, лаьтта со Г1ум-Азин арахь, Тянь-Шанан лаьмнашка б1аьрг тоьхча, кийрахь Генарчу Даймехкан сурт х1оттало, Малхбузе мел хьийжи дог 1ийжадо…
Малх буза бегийна рег1а лахбелча, Суьйре а, даш санна,сайна язъелча, Ойлане дарц даьлла,со айавелча, Даймахка вуссу со, Я Зал Жалала…
Бераллехь хьийзинчу даккъашка вуссий, Ламанан арешка сирла б1аьрг кхуссий, Х1иттинчу б1аьргаш чу мела хи дуссий, Даймахке хьоьжу со я Зал Жалала…
«Даймахке сатийсар» байтан лирически турпалхочо масал гойту вайна муьллхачу заманахь а, муьлххачу хьелашкахь а Даймахке безам 1алашбан безаш хиларан, цундела ч1ог1а мехала ю и говзар авайна а, т1аьхьарчу т1аьхьешна а.
Шен къоначу дахарехь шен уьйрех марзо эца йиш йоцушша ваьхна дела, поэт шен ойланашкахь кхоьру, ша кхелхича, шен мерзачу уьйраша ша вицварна, цунна лаьа адамашна, махкахошна юкъахь барт, уьйр марзо хила, цундела, уьш цхьаьна гулбалийта, цо иштта весет до:
Дог-мерза гул а лой, Ц1ен-Берде г1ой, Дегнийн хьу ясталаш б1аьста –гурахь, Сан метта б1аьрг тохий, сан б1аьрга гой, Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь.
Т1аьххьара а и весет дерзадо муьлххачу а вайн къоман стеган дагах хьакхалуш-м хаац суна, цкъа хьалха дагах чекхдовлий, т1аккха цкъа а довр доцчу иэсан баьрчче дуьйшучу дешнашца:
Цигахь диънера ас бераллин той, Цигахь лиънера сайн чурт а дагахь. Пепнаш к1ел т1улг бог1ий, гонах берд хьой, Безамна б1арлаг1а елаш цигахь.
Вайна ма-хаъара,1алам а, Даймохк а вовшех къаста йиш йоцуш цхьаъ хилла лелаш ду, цундела вуно мехала ю Мухьмад –Салахьан поэзехь 1аламах лаьцна йолу байташ. Оцу байташкахь вайна евза литературни турпалхочунний, 1аламний юкъара уьйр, синхаам. Тоьшаллина схьаоьцур вай «Рег1ара поп» байт:
Гена мел валарх гуш лаьтта суна, Лег1инчу рег1ара зоьртала поп. Даима лерехь ду цунна т1ехь дека Буьйсанан олхазар – декъаза ч1об.
Даймахке а,1аламе а болчу безамо санна, йоккха меттиг д1алоцуш бу Мухьмад-Салахьан лирикехь йо1е болу безам а. Ша набахти чохь воллушехь, шен безам деши санна ц1ена, цхьа а мекха тасаза буй а хоуьйтуш, шена езачу йо1е, иза шеконах ларъяран 1алашонца, яздо цо «Генара кехат» :
Вовшашна вай ца гун зама ю алий, Вай бинчу бартана дагца шекьялий, Эрна ма йожалахь боккхачу бале,- Шеконе диллинарг шеллуш ду хьуна.
Эшамаш бицбина веха со вахарх, Зезагийн бошмашкахь заманаш яхарх, Х1уьрла1а мехкарша суна гош бахарх,- Хьуна бен сан дагахь меттиг бац хьуна.
Рег1а малх тевжина ц1ен басар кхетта, 1аьршан йист х1оьттича, ша хазахетта, Седано болийча лаьтта б1аьрг бетта,- Хьегаро хьовзавой, гатлуш ву хьуна.
Юха а еза йо1 шен безамехь шалхонах ларъян хьехар до цо: :
Безамах шалхонаш тарло ма мотта, Безамах ловзучарна юххе ма х1отта, Даима 1ийжа д1овш кийра ма дотта,- Безамца телхинарг то ца ло хьуна.
Мел хало ловш, 1азап хьоьгуш велахь а, къарвелла к1елвиса ойла яц лирически турпалхочун,мелххо а, догтешна ву шен дахарехь дахделла «шийла 1а» «йовхачу б1аьстенца» хийцалург хиларх а, шен йо1 ган а, цуьнца ирсе дахар кхолла а болу сатийсам кхочушхирг хиларх :
Гуьйренан зезаг гоьдаьлла, Борачу баца юкъахь… Сел хьайн дег1ан куц кхаьлла, Х1ун дора декъазчу ахь?
Лирически турпалхочо байт ерзош делла говза хаттар: Гой хьуна, цхьана ду хьо даьлла, Борачу баца юкъахь… Селла хьайн дег1ан куц кхаьлла Х1ун дора декъазчу ахь?
Кхин гена а ялале, суна лаьа оцу хаттарна жоп дала:
Дахар хьайн хиллехь а цхьана, Лайнехь а къизаллин бала, Гуьйренан зезаг хьох хилла Т1аьхьарчу т1аьхьешна хазна.
Къонахчун амалца дог1уш- Халкъана серло луш вогуш, Вахарна, масал хьох оьцуш, Дехаш ду тхо, Мохьмад-Салахь… Кхузахь «Гуьйренан зезаг» байтан т1аьххьарчу а б1ог1амалгера поэтан дешнаш дешча, ешархошна хета тарло, шен ца нисделлачу дахарна, ирсана, шен йоцчу заманахь ша дуьнена валарна догмола ваьлла, байттамал хилла ву лирически турпалхо аьлла. Амма иза иштта дац. Иза байттамал хилла ву оцу замано, шена хьалха х1иттийна 1алашонаш, декхарш, шена ма-хетта кхочушдан ша цавитарна, шен кхолларалла шуьйра яржо цакхиарна. Суна схьахетарехь, иза жимма т1аьхьо (вайн заманахь) дуьненчу ваьлла хиллехь, нохчийн литературехь цуьнан кхолларалле кхочуш кхолларалла хир а яцара.
И зама Мохьмад-Салахьан зама ца хиллехь а, Мохьмад-Салахь шен заманан к1ант хилла, шен хенахь бехачу наха уггар а хьалха шен ц1е а йоккхуш, цуьнан кхоллараллин, къаьсттина поэзин, лаккхара мах а хадош.Мохьмад-Салахьан лирически турпалхо муьлх-муьлхха а дешнаш лехьош, уьш дагадахкийта г1ерташ вац. Иза шен дагна гинарг, хааделларг 1аьткъинарг нийсса схьаолуш ву, цуьнан са шен халкъан сица ийна ду. И васт шен бакъдолчу суьртахь схьагайта пох1ма «бакъволчу» поэтан бен хуьлуш дац. Иштта язйина йолу говзарш т1аьхьарчу т1аьхьенашкахь а еха, х1инца Гадаев Мохьмад-Салахьнаш санна.
Иштта,Мохьмад-Салахьа ша Т.Г.Шевченке яздинчу кехат т1ехь ма –баххара, Мохьмад-Салахьан х1ора мог1а а ешархочунна дагах хьакхалуш бу,цундела цуьнан говзарш, вайн литературехь жовх1арийн хазна хилла, вайн къомана дахаран къилба ехар ю вайн литература а, иза еша,йовза а,талла а,цунах пайдаэца а вайн къам, халкъ мел деха а! Дала мукъ лахь.
Сайна меттиг баьллачура, Дела реза хуьлда ала лаьа суна Гадаев Мохьмад-Салахьан говзарш цуьнан кхолларалла меттах1оттош, зорбане йоккхуш,йовзуьйтуш, шайн коьртехь Дадашев Райком а волуш,къахьоьгучу тобанна а, цуьнан кхоллараллин мехалла дешаран хьукматашкахь йовзуьйтуш къа мел хьоьгучарна а. Дела реза хуьлда шуна.
Соьлжа-г1алин №18 йолчу юккъера юкъардешаран школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Магамадова Резида
Фос 7 класс чеченский язык
Г1а доьжначу варшахь г1а дожаза лаьтта нежнаш, генара хьаьжча, элан литтанех тарлора. Ялтех юьззина лаьттина аренаш яссаеллера. Йовхо ца лора х1иллане лепачу малхо. Ирча, сингаттаме дара аренашкахь. Юьртахь дацара, х1ара ду аьлла, ойла т1ейоьрзур йолуш х1ума. Хуьлуш дерг хьаьжк1аш тило цхьаццаммо белхи бар дара. 1аьнна кечлуш, д1атуьйш долчу дахарна юкъа цо дахьарг а бен-берса х1ума дацара. Керташкахь д1ах1иттийнчу г1одмийн такхораша нилха ц1енош долу к1отар юкъйора. Такхораш дина д1ах1иттийнера Элберда шен г1одмаш а. Такхорашна юккъехь а, т1ехь а, мотт хьаькхча санна, ц1ена яра. Цхьаннахьа охьайоьжна луьйдиг яцара гуш. Гуьйранна ирча хуьлу яраш. Уьш бухъяьхначуьра оьрнаш Элберда д1ашардинехь а, леррина болх бар гойтуш, билгалдуьйлура. Дечу г1уллакхна и т1ера хилар хаьара…
1. Предложенина синтаксически таллам бе, билгалдаха къамелан дакъош.
2. Хандош хенашца хийца:
1-ра вариант 2-г1а вариант
«Йоь1ан эхь, к1ентан яхь ма эшайойла»
Социйлахь х1ара бен стаг вацара. Я кхин нах хуьлу хан а яцара иза-м: буьйсанна цхьайтта даьллера. 1аьнан заманахь 1арж мА лой пхиъ даьлча. Шело юьйлура дег1ах чекх. Мох а бара юткъачу шакарца тоькан серашна т1ехула уьдуш. Наггахь некъа т1ехула дорцан к1ур а хьодура. Х1ара ша лаьттара карара бер шена т1е а къуьйлуш, кхерамца гондахьа хьоьжуш, машине сатийсина, юьрта бог1учу новкъа хьежна ши б1аьрг лаза а баьлла, когех шан т1улгаш а хилла.
Ворх1, барх1, исс, итт, цхьайтталг1а сахьат ду, ткъа к1ант-м вала мега больнице кхачале.
Суьйранна арара г1уллакхаш дина ша чуйирзича, 1арж а велла, бетах чопаш а йина, наггахь бен са а ца доккхуш 1уьллуш карийра кхунна иза, Ламанан юрт ю, цхьаннан а машина а яц.
Кехаташ, газеташ чутуьйсу яьшка кертах д1атоьхнера яра.
Юххехула д1асалелара адамаш, машенаш.
Шина дийнахь ц1ера ваьлла а лелла, ц1а веанера со. Керла газеташ схьаэца дагахь яышки чу хьаьжча, со цецвелира.
Газеташца яьшки чохь дара дакъаделла гаш, чемхалгаш,месаш. Луларчу берашна г1еххьа оьг1азвахара со. Нехаш ара а кхийсина, яьшка
Цул т1аьхьа цхьа-ши де даьлча а изза хилира: яьшки чохь «нехаш» яра. Юха а луларчу берашна реза воцуш,
яьшка цанъян воьлча, сан тидам хилира жимачу шина олхазаран. Уьш суна гена ца дуьйлуш, «ц1арр-ц1арр» деш хьийзара. Х1ун ду техьа х1ара аьлла, юьстах а ваьлла, сайн болх бан х1оьттира со. Ас деш долу татанаш тергал а ца деш, олхазарша а д1аболийра шайн болх: уьш рогг1ана сан яьшки чу а оьхуш, арадуъйлура.
Шолачу дийнахь хьаьжча, яьшки чохь котаман месех
бина горга бен бара.
Цхьа к1ира даьллачу хенахь дагадеана ас яьшка схьа-
йиллича, чуьра араиккхира букъ т1ера мокха, до1ахан басахь, чук1елара ц1еран-ц1ечу басахь долу хаза, жима олхазар. Иза гена ца долуш охьахиира, синтем байна дека а декаш. Олхазар реза дацара ша бенара меттахдаккхарна.
Бенахь 1уьллура стигалан басахь жима диъ х1оа. Т1аккха
яьшка хьостамий а тухуш д1акъевлира ас, олхазаршна чуара довла 1уьрг а дитина.
Цхьана дийнахь х1усамнана хесахь асар деш йоллура.
Цо д1ах1оттийначу аьстанан г1ожа т1е а хуьйшуш шайн
«ц1ар-ц1ар» деш наьрсийн хуталш юккъе лелхаш, лийлира цхьа хаза олхазарш. Уьш башха къехка а ца къехкара.
Цара хесара а, бешара а леца а лоьцуш, дууш х1аллакдора
зуламе н1аьний а, кхийолу садолу х1уманаш а. Яьшка шайн х1усамна паргат йитарна баркалла олуш дара и кегий олхазарш. (Хь. Хасаев. 232 дош)
1. Газетийн яьшки чохь нехаш.
2. Х1усамдас олхазарш тергалдо.
Кертахь яьлла г1овг1а ца хаалора цунна. Цуьнан ерриге а ойла стиглахула г1ийлачу узаршца къилбехьа йоьлхучу г1арг1улеша д1алаьцнера. Кхеран кертахь яьлла хаза сийна буц, цундела кест-кеста корах ара б1аьрг тоха дог дог1у. Юург-мерг эца вог1у кху туькана гонаха мел веха стаг. Керта мел вог1у стаг саг1ина х1ума ца кховдош д1а ца вохуьйтура йоккхачу стага. Буьйцу мотт ц1ена а, шера а хиларца къаьсташ вара пхьоьхане гулбеллачу нахана юккъехь к1айн маж йолу зоьртала цхьа стаг…
… Кхораш чохь кочарчу т1оьрмигах ши лекъ, моший а кхозуш вог1учу Мурдална ма-ярра гора х1ара орцан когашкахь 1уьллу шайн юрт.
Котаман к1орнин г1ийла «ц1ик» иккхира кхуьнан семачу лерга. Эвла йолчухьара куьйра дог1ура. Цуьнан м1араш юккъехь кхозура и т1аьхь-т1аьхьа орцадоху к1ор-ни…
1. Причастешна буха сиз хьакха.
2. Лаамечу причастешка а ерзош, схьаязъе текста юккъера лаамаза причастеш.
Кеп. Яьлла г1овг1а- яьлларг, йоьлхучу г1арг1улеша- йоьлхурш.
Гонаха самадолуш дара т1ейог1учу б1аьстено дендина 1алам. Ч1енигаш а эт1ош, гучудевлла кегийра г1аш дара цхьацца долчу дитташ т1ехь гуш. Лакхахь хьоькхучу б1аьстенан мелачу механ тулг1е хьекхалора наггахь к1ентан дег1ах. Нанас дайн хьоькхучу куьйго санна, коьрта т1ехула хьакхалуш т1ехболура иза.
«Мохь тоха те аса? Орца даккха те?»-дагадеара к1антана. Т1аккха а, цхьанна д1ахазахь осала хетар ву-кх со, бохург дага а деана, юха а басах хьалатасавели-ра иза. Амма куьг а, ког а д1атаса х1ума цахиларна, юха а 1инах чу шершаш воллучу кхуо катоьхна схьалецира ша х1инццалц 1ожаллин буйна ца вохуьйтуш сацийна йолу колл.
Кхунна гена доццуш охьахиира цхьа хаза бос болу хьоза. Д1а а, схьа а хьаьвзина, корта аг1ор баьккхина адаме а хьаьжна, «ч1ир-ч1ир»-элира цо, цкъа-шозза, кхосса а луш.
(139 дош. Саракаев Хь. «Ирсе б1аьрхиш.»)
Буха сиз хьакха деепричастина а, масдарна а, куц-дашна а.дееприч.,
Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцаран г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду.
Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1 велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна, новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана.
Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а ваьлча, и кхузза юхахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме елахь, хьаша юьртах я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккхуш а хилла.
Хьешана тешнабехк бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш, т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилла.
(М. Ахмадов «Гулдина йозанаш-5»)
1. Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх.
2. Хьалха заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш.
3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла.
Даа х1ума доцуш кхозлагчу дийне даьлла хилла цхьогал. Т1ех мапдаларна леста а лесташ, хьуьнхула х1ара лелаш, цхьана хийисте кхаьчна. Хи мелча мукъана а мацалла цхьажимма юхайоьрзур яцара те бохург дагадеана цунна. Циггахь бацалахь 1уьллуш йоьхь карийна цхьогална.
Гиначух цецдаьлла, хазахетар т1ехдаьлла, кхиссалуш, гонха ида даьлла иза.
Т1аьххьара даг чу куралла иккхина, сонта къамел хазо до лийнано. «Эс, ишттахуьлу йоьхь? Йоьхьхиллехьара, кху сенчу бай т1ехь 1уьллуша хир дацара хьо» ‚ — бохуш, когаца хьалхахьа д1а а кхуьйсуш, бацалахь керчо доьлла иза. Оццу хенахь х1аваэра чухахкаеллачу суьйлийн къийго леккха х1аваэ
хьаладаьккхина йоьхь. Доьхна, 1адийна дисира цхъогал.
Ша лелийначу кураллина дохкодаьлла, дилхина цхьогал цхьа-ши къурд а бина, хьуьн чу дахана иза. Жимма лелча, ча а, борз а карийна кхунна шийлачу 1индаг1ехь делкъе еш доллуш. Дольхуш, хьастаделла т1едахана цхьогал. «Хьо стенна доьлху, цхьогал?»-хаьттина чано.
-Йоьхь дара сан, шу санна болу доттаг1ий карийча бен дуур ма дац ас аьлла, ч1аг1о йина, сайца лелош. Амма суьйлин къийго и даьхьна дитина со,- жоп делла цхьогало.
«Доттаг1ий ларам беш хилар дика ду, цхьогал. Х1инца т1ехила, х1ума яа тхоьца. Кхин цхьа доттаг1 а ву вайн ижу яхьаш схьакхача везаш»-хазийна чано. Иоллушехь, схьакхаьчна суьйлийн къиг. Доттаг1ашка йистхилале, цхьогале бехк баьккхина суьйлийн къийго: «Хьо рицкъанан пусар дан хууш дац, цхьогал. Х1ара йоьхь ахь, муш санна,
Д1асакхуьйсуш гича, ийцира ас хьуна хьалхара схъа».
Шен х1илла гучудаьллий хиъна, кхин ала дош а ца карийна, юха а дилхина цхьогал. Цо аьлла: «Кхул таьхьа рицкъанан сий-пусар дийр дара аса, х1инца суна гечдахьара аша. Со тешаме доттаг1 хир дара шуна. Даг чу куралла иккхинера суна. Х1инца хии суна, куралла х1ун ю. »
«Дика ду, цхьогал, оха хьуна гечдо,— аьлла чано.-Бакъду, аьшпаш биттаррий, ямартлой ца еза тхуна. И тайпа х1уманаш дита дезар ду хьан тахана дуьйна»
И дерриге а кхочушдан дош делла цхьогало.
1. Мацделла цхьогал.
2. Кураллин т1аьхье.
3. Хьуьнхара хьеший.
4. Цхьогал дохкодалар.
Самаевлла н1аьнеш кхайкха юьйлаелча, хьалаг1аьттира Алхаст. Уьйт1а ваьлла х1окхоламаз оьццушехь, эвлаюккъерачу маьждигехь молла а кхайкхира. 1уьйренан тийналлехь ц1ена, мукъамехь декара цуьнан аз.
Хьуьна йистера д1ахьаьжча, д1о-о лаха чохь гора Алхастан юрт. Х1окху меттехь, жа басенца дажа д1а а хоьций, охьахуура Алхаст тохара жималлехь. Аренаша юкъаерзийначу шен юьрте а хьоьжуш, хийла ойланаш йора цо.
Х1етахьчул дуккха а хийцаелла юрт. Шоръелла, ков-керташ алсамдевлла. Делахь а, Алхастан юрт ю и, хьалха санна, дагна хьоме а, хьалха санна, дагна гергара а.
Алхаст х1инца лаьттачуьра д1айолалуш яра буьрса хьун. Х1окху хьаннашца а дара Алхастан гергарло. Ерриге а, ала мегар долуш, жималла кхузахь пепнийн 1индаг1ашкахь а, Гуьмса ч1ожан басенашца кхуьучу кегийрачу хьаннашкахь а д1аяхнера Алхастан. XIopa т1улг, xlopa дитт гергара дара кхузахь. Д1а б1аьрг мел тоьхначохь гуш долчу суьрташа хилларш-лелларш дагатуьйсура.
Хьуьна йистера д1а Гумс-хи долчу aгlop варша боьрзучу ворданан новкъа д1аволавелира Алхаст. Цунна къилбехьа б1аьлланган а, пхонан а орамаш юккъера схьадолуш шовда дара. (145 дош Юсупов «Къоман тептар»)
Шеран талламан болх
…-Маржа дуьне я1!-доккха са а доккхий, кет1ахула бай-йн ког а боккхуш, волало иза.
Т1аккха ц1ийна т1ехьа, беша, волу. 1ежийн, кхорийн, хьайбанийн дитташ лай к1елахь лаьтта…
Стаг вехха лела бешахула волалой, х1ора диттана юххехь сеца а соьцуш, къамел а деш. Т1аккха бешара ураме волу иза. Малхбузехь лекха арц, Органа чу буссучохь, к1айчу лай т1ехь 1аьржа къеста ах хаьрцина б1ов.
Б1ов т1улгех лаьтта. Кегийчу а, даккхийчу а т1улгех. Уьш, ша-ша даьхча, т1улгаш ду, цхьаьна-б1ов.
Стеган сий а ду-кха б1ов. Иза а лаьтта цуьнан даккхийчу а, кегийчу а г1уллакхех. Цо денна а дечу дикачу г1уллакхаша ирх бохуьйту цуьнан бохь.
Б1аьвнех терра, лекха деш хилла-кх наха куйнаш а хьалха. Ткъа б1аьвнаш-лаьмнех таръеш.
(115 дош. М.Ахмадов. «Мохк бегийча.»)
Грамматически т1едиллар.-Билгалдаха къамелан дакъош
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
ОГЭ 2 вариант 2021 Чеченский язык
Подготовка к ОГЭ по чеченскому языку
Просмотр содержимого документа
«ОГЭ 2 вариант 2021 Чеченский язык»
Болх кхочушбаран инструкци
Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.
Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).
1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.
И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.
2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.
2-8-чуй т1едахкарийн жоьпаш д1аяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-т1аьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.
Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.
3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-чуй т1едахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха т1ехь.
3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.
И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.
Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.
Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.
Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.
Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.
Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.
Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.
Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.
Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.
Жоьпаш терахьашца билгалдаха.
Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.
Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
1.Халкъан уггаре доккха хьал х1ун ду?
2.Нохчийн къам шена т1ех1иттинчу халонех чекхдалар стенах доьзна дара?
3.Хьалха заманахь берана дуьненах, 1аламах, динах, оьздангаллех болу кхетам хьан луш хилла?
4.Вайнехан доьзалехь бераш кхетош-кхиош мила хилла?
5.Х1ун лаьттина ишттачу доьзалшкахь, цара х1ун лардина?
2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.
(1)Лам-м лаьтта, Органах ял а оьцуш, шен когашкара охьаяьржина хьун дебош. (2)Ка хьоькхуш лелийна, дахдина мекх санна, 1инца д1аяхло буьрса хьун. (3)Гаьннаш д1аса а тийсина, шуьйрра къерза хенара нежнаш; царах орамаш хьерчадо куьцечу пепнаша. (4)Хьуьнан маша буцуш, хьийкъина хьерчачу б1аьллангах пебетташ, ц1ен къегаш лаьтта стех дуьзна гаьннаш.
Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.
1) охьаяьржина хьун дебош (1-ра предложени)
2) д1аяло хьун (2-г1а предложени)
3) орамаш хьерчадо (3-г1а предложени)
4) хьийкъина гаьннаш (4-г1а предложени)
Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Произведени йоьшуш (1) яздархочун (2) исбаьхьаллин идеях кхета йиш ю (3) нагахь санна цо шен кхетам а (4) ойла а исбаьхьаллин вастехула (5) дахаран суьрташца гайтича. Оцу идеях кхета таро хуьлу (6) яздархочун ерриге а произведение ша а ешна (7) цуьнан чулацам дика бевзича.
Предложенера т1едерзар схьаязде.
Хьан декаро, хьан хазачу мукъамо сан кийрахь дукха хенахь дуьйна схьа лаьттина йолу г1айг1а яшийна д1аяьккхинера, сан жима олхазар!
Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.
1)ЙОХ-ЪЯЛА – дош сехьадоккхуш, «Ъ» шайна хьалхарчу элпех (дешдекъах) къасто мега.
2)ЦХЬА-К1ЕЗЗИГ – ЦХЬА боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца яздо.
3)МОК-ХА – дош сехьадоккхуш, шалха элпаш декъа мега.
4)КХОЧУШЙО – цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан г1оьнца кхолладела чолхе хандешнаш цхьаьна яздо.
Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.
(1). Кегийрачу г1улчашца болар эцна йоьдура Хеда. (2)Ц1еххьана сацаелира и. (3)Некъа юккъехь, т1емаш д1аса а тесна, 1уьллура мокха кхокха. (4) Цхьана гауро, 1одаца т1улг тоьхна, божийначух тера дара миска. (5)Цуьнан цхьа т1ам берриг а ц1ийх буьзнера.
(6)Меллаша т1е а яхана, схьаийцира йо1а кхокха. (7)Цунах къахка а, д1абада а де дацара пекъаран. (8)Йоь1ан каракхаьчча, меллаша т1етт1адахара цуьнан б1аьргийн туьтеш. (9) Кхокханах къахетта, кхоьлира жимма хьалха ирсах деттаделла йоь1ан дог. (10) Цуьнгара дакъа кхаьчча санна, кхоьлина д1ах1оьттира аьхкенан малх бийлинчу арахь а. (11) Чан йойуш, куьйса дог1а а хьаьрсира…
(12) Лазийна кхокха а эцна, маса ц1ехьа яхара Хеда. (13)Х1инца цунна Бабин орца оьшура.
– (14) Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар диначунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь, – бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага.
– (15) Баба, х1ун де ас кхуьнан лазийначу т1омана? – хаьттира Хедас.
(18)Цуьнца била а билина, ц1еначу шаршух аса а яьккхина, д1абихкича х1ун дара те?
(19)Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь. (20)Ц1ечу аьттан шура а йолуш яра,кхеран шайн атто елла, бамба а схьаийцира чов ц1анъян.
(21)Лоьралла дан х1оьттинчу Хедас бошхепа шура йоьттина, цу чу а 1уьттуш, бамбица ц1анбира кхокханан лазийна т1ам. (22)Цу хенахь, йо1ана хаа а луш, к1ен буьртигел хиш 1ийдалора кхокханан б1аьргех. (23)Делахь а, дарба ца лелийча ца долура. (24)Т1е етташура а юьллуш, байн д1ахьарчийра Хедас ша билина т1ам. (25)Юха, баьхьна, шайн цициг т1е ца кхочче, раг1у к1еларчу сов х1ума чуюьллучу ц1а чохь бен а кечбина, д1ахаийра, юххехь даа хьаьжк1ан буьртигаш а, мала хи а дуьтуш.
(26)Шолг1ачу 1уьйранна сов ц1а чу яьлла Хеда йоккхаеш сецира. (27)Хьаьжк1аш д1а а йиъна, кисин асина юккъера схьа а баьлла, когаш т1ехь чухула д1асалелаш бара кхокха.
(28)Дика хиллера Бабин дарба. (29)Чов ерза йоьллехь а, т1ам меттабан генахь дара. (30)Ц1еххьана дагадеана, Мокхалаг аьлла ц1е тиллира цунна йо1а.
– (31)Схьабоьл, Мокхалаг, кхин цкъа д1абехкий вайша хьан т1ам,– олуш, Хеда шена т1екхевдича, цуьнан маттах кхеташ санна, д1а ца бодуш, сецира кхокха. – (32)Вайшимма тахана жимма т1о а хьокхур бу хьан чевнна. (33)Хьоналла дика ю ма элира Бабас.
– (42) Мел хьекъал долуш а бу!–цецъюьйлура Хеда.
(43) Денна ч1аг1луш дара кху шиннан гергарло.
(44)Кестта, ша т1ома ара а болуш, буьйса яккха кхеран сов ц1а чу а боьдуш, тобелла д1аболабелира Мокхалаг.
Текстан чулацаман анализ.
«Ирсах деттаделла йоь1ан дог кхоларан х1ун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
1) Дарбанна оьшу г1ирс ца карийра Хедина.
2)Кисин асина юккъера схьа а баьлла, чухула д1асалелаш кхокха гира цунна.
3)Лазийначу кхокханах къахийтира йо1ана.
4)Бабас дов динера йо1ана.
Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.
Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.
1) Некъа юккъехь, т1емаш д1аса а тесна, 1уьллура мокха кхокха.
2) Йоь1ан каракхаьчча, меллаша т1етт1адахара цуьнан б1аьргийн туьтеш.
3) Лазийна кхокха а эцна, маса ц1ехьа яхара Хеда.
4) Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь.
4-чу предложенера «миска» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, халкъан хьехархочун Ш.И.Абдуразаковн «Нохчийн мотт башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна ю. оцу жовх1арех бу ойланан муьлхха а аг1о гайта таро хуьлуьйту меттан суртх1отторан г1ирсаш» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И.Абдуразаковн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
1.Цу т1ехь яздархочуьнца реза ца хила йиш яц …
2.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай.
3.Масала, текстан… предложенехь …
4.Лакхахь далийначу масалшка хьаьжча …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.
Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар динчунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь, – бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
1.Еллачу кийсакан маь1нах со иштта кхета …
2.Шен текстехь авторан 1алашо ю …
3.Х1окху тезисан нийса хилар текстера…предложенешца т1еч1аг1до вай.
4.Цу тайпанна, баккъалла а ойла нийса …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
Муха кхета хьо КЪИНХЕТАМ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.